НОХЧИЙН МЕТТАН ХЬЕХАРХОШНА СЕМИНАРЕХЬ ЙОВЗИЙТИРА КЕРЛА ТЕХНОЛОГИШ

08.02.2023

Хьалха-Марта г1алин #7 йолчу ишколехь д1айаьхьира нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина семинар.

Хьалха-Мартан к1оштан нохчийн меттан а, литературин а хьехорхойн метод цхьаьнакхетараллин белхан планаца дог1уш а долуш, вовшахтоьхна бара болх: йиллина урокаш, урокийн анализ йар а. Цул сов, дийцаре дира х1инцалерачу урокан структурех хьакхалуш долу а, иштта нохчийн меттан ПКЭ-х доьзна долу хаттарш а.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба

Источник: public_news